ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йиш лакхархо Бакаев лаха арабевлла Нохчийчуьра полисхой


Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн белхахой лаха буьйлабелла йиш лакхархо Бакаев Зелимхан. Иза мичахь ву хууш дац кху беттан 8-чу дийнахь дуьйна. Оцу дийнахь тIаьххьара гина 25 шо долу жима стаг цуьнан нанна.

ХIинца цу зудчо гIо дехна полице а, Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташоне а.

Бакаев Москох вехаш ву. Цигахь цо эшарш лекхара цхьацца даздаршкахь. Бакаевн гергарчарна хетарехь, иза лар йоцуш варна бехке хила мега цIе ца йоккху цу кеппара даздаршкахула эашарш лоькхуш лелаш волу кхин цхьа нохчийн йиш лакхархо-конкурент.

XS
SM
MD
LG