ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Грозный молл» йохк-эцаран центр ян йолийна Соьлж-ГIалахь


Оьрсийчоьнан къилбехь уггаре йоккха хир йолу «Грозный молл» цIе йолу йохк-эцаран центр яр дIадолош церемони хилла Соьлж-ГIалахь, хаам бо Грозный-информ агенталло.

И гIишло еш йойур ю 46 000 м3 бетон. Лаьтта бухулахь цхьа тIегIа а хир ду цуьнан.

«Грозный молл» чохь хир ю 150 туька а, бутик а, 7000 м2 майда йолу гипермаркет а, цхьацца хIусамехь оьшу техника йолу супермаркет а, берийн а, баккхийчеран а садаIаран комплекс а, 9 чоьнах лаьтта IMAX-кинотеатр а, 9 кафе а, ресторан а, ткъа иштта кхача бухку схьайиллина меттиг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG