ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сургутехь тIелатар деш гIо дарна бехке веш ву ши суьйли


Сургут, Гаджиевс тIелатар дина меттиг.
Сургут, Гаджиевс тIелатар дина меттиг.

Сургутехь хилла тIелатар теракт санна толлуш ду Iедалша. Полицино лаьцна ву 10 стаг.

Маршо Радион меттигерчу бусуалба юкъараллерчу а, талламан оргнашанкара а хьастанаша дийцарехь, Дагестанера схьаваьлла ши стаг бехке веш ву тероризмана гIо дарна.

Болчу хаамашца, полисхоша дIалуьйцуш бу церан беза-бевзарш.

Даханчу кIиранах Сургутехь 19 шо долчу Гаджиев Артура урс диттина лазийнера 7 стаг. Иза вийна полицино.

И тIелатар шена тIеэцна «Исламан пачхьалкх» олучу тобано. Делахь а Оьрсийчоьнан Iедалша хIинца а даре ца дина хилларг теракт хилар. Бехктакхаман гIуллакх толлуш ду «стаг вен гIортар» аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG