Оьрсийчоьно кхочуш деш дац Донбассера хьал дIанисдеш Минскехь шена тIеэцнарг, иза ницкъаца хийца гIерташ ю йозуш йоцучу пачхьалкхан дозанаш.
Цунах лаьцна дIахьедина Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса, Киевехь Украинин президентаца Порошенко Петроца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
Пентагонан куьйгалхо Украине вахана и пачхьалкх йозуш йоцуш хиларан де даздеш дакъалаца.