Украинерчу "Фолио" зорбатехь арайолуш ю Жеребцова Полинас язйина Ставрополх лаьцна "45 параллель" роман. Иза еша аьтто хир бу Гезгмашин-баттахь.
Нохчийчуьра дIабаханчул тIаьхьа шен доьзало хьегначух ю боху и книга ша авторо.
Жеребцова Полина Нохчийчохь йина а, кхиъна а ю. ТIом боьдуш шена гинарг дуьйцуш «Дневник Жеребцовой Полины» книга язйина цо.