ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йоьIана халахетийтина стаг вуно луьра хьийзийна ХIинжа-гIаларчу вахархочо


Инзаре инцидент хилла Дагестанан коьртачу гIалан йистехь йолчу Красноармейск олучу меттехь. Меттигерчу вахархочо а, цуьнан кIанта а кIиза хьийзина дина 20 шо долчу жимачу стагана, цхьацца дахаран гIирсех пайда а оьцуш.

56 шо долу Дагестанан вахархо вуно чIогIа оьгIазвахана хилла 20 шо долчу лулахочо шен 17 шо долчуйоьIанна халахетийтина хиларна, яздо "Комсомольская правда на Северном Кавказе", прокуратуран зорбанан сервисана тIе а тевжаш.

Бекхам бина цо цунна, къамел дан чу а кхайкхина, шен 25 шо долчу кIантаца цхьана иза хьийза а вина.

Эшам хиллачу лулахочо латкъам бина полице. И тайпа зулам дарна 3 шо хан йогIу Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG