ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Депутат Асхабов вер политикан бух болуш дац


Парламентан депутат Асхабов Мухмад вер толлуш ду Нохчийчохь. 61 шо шаре ваьллачу цу стеган машенна герзаш диттина Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь ТIехьа-мартантIе боьдучу новкъахь.

Кадыров Рамзана дийцарехь,и стаг вер эха декъана муха хилла хаа аьтто баьлла талламхой. Цо чIагIдарехь Асхабов вер политикан бух болуш дац. Кадыровс кхерам тесна иза верна бехке болчу нахана, шеко а йоцуш, таIазар дийр ду шаьш аьлла.

Депутатан Асхабовн мешен герз тоьхначул тIаьхьа хорша яхана, иза оццу минотехь велла, дарбанан хIусаме а вигале, хаам бо «КП на Северном Кавказе» сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG