ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо дина стаг лаьцна ГIалгIайчохь


«Малгобекан секторерчу» тIемалошна гIо дина аьлла бехке вина стаг лаьцна ГIалгIайчохь, хаам бо "Юга.ру" зорбанан хьастано. Иза ву 48 шо долу Балоев Ахьмад.

Iедалан векалша чIагIдарехь, цу стага кхача а, молханаш а оьцуш хилла тIемалошна. Уьш машенахь дIасалелош а хилла цо.

Дийцарехь, Балоев кIелхьарвала гIоьртина хилла ГIалгIайчохь леррина операци дIахьош, амма каравахана иза полицина.

Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь ГIалгIайчохь вийра 4 стаг. Уьш тIемалой хила мега аьлла дIакхайкхийнера Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG