ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутат Асхабов вер доьзна хила мега цуьнан балхаца  


Петренко Светлана.
Петренко Светлана.

Нохчийчуьрчу парламентан депутат Асхабов Мухмад вер доьзна хила мега цо беш хиллачу балхаца. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Талламан комитетан офицалан векло Петренко Светланас, хаам бо ТАСС агенталло.

Цо дийцарехь, Асхабов балха ваха новкъаваьлла хилла Марсхьокху-беттан 25-чохь Iуьйранна шен машенахь. ТIехьа-МартантIе боьдучу новкъахь цу машенна гарз диттина бевзаш боцучу наха. И бахьана долуш машен хорша яхана, ткъа депутат велла.

Петренкос дийцарехь, Асхабов кхалхар таллар шен Iуналле эцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG