ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

500 эзар стага дакъалецира терроран дуьхьал Барселонехь хиллачу акцехь


 Барселонера акци.
Барселонера акци.

Ах миллион сов стага дакъалецира Испанерчу Барселонехь кху беттан 17-18 деношкахь теракташ хиллачул тIаьхьа вовшахтоьхначу акцехь. Цу зуламехь вийна 15 стаг, 120 стаг чевнаш хилла ву. Лазийначерах 6 стаг вочу хьолехь ву.

Барселонехь хиллачу акцехь исторехь дуьххьара дакъалоцуш вара Испанин паччахь Фелипе VI.

И акци чекхъяьллачул тIаьхьа хиллачу гуламехь къамел дира Католонерчу евзаш йолчу актрисо Сарда Марияс а, меттигерчу бусулба жигархочо Атиби Мириама а.

Барселонехь хилла теракташ шена тIелаьцна «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано.

Испани -- Барселонерчу маршехь дакъалецира Испанин паччахьо Фелипе VI.
Испани -- Барселонерчу маршехь дакъалецира Испанин паччахьо Фелипе VI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG