Школашкахь дешар дIадолош Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь хуьлуш долу «Хаарийн де» цхьана денна тIаьхьатеттина ГIалгIайчохь, хаам бо «Кавказский узело».
Цу республикан дешаран министро бинчу хаамца, иза дина цу дийнахь ГIурбан де хилар бахьана долуш.
Кхарачойн-Чергазойчохь а, Дагестанехь а ГIурбан де бахьана долуш мукъа де кхайкхийна Гезгмашин-беттан 1-ра ду.