ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэйуэзер Флойда эшийна Макгрегор Конор (видео)


Iамерка -- Мэйуэзер Флойда эшийна Макгрегор Конор, Лас-Вегас, 26Гезг2017
Iамерка -- Мэйуэзер Флойда эшийна Макгрегор Конор, Лас-Вегас, 26Гезг2017

Iамеркерчу уггаре чIогIа боксер лоручу Мэйуэзер Флойда эшийна Ирландера UFC латархо Макгрегор Конор, хаам бо ББС-но.

69.85 кила йозалла йолу и шиъ боксан низамашца летира Лас-Вегасехь (Невада). 12 рауд яра цу латаран, хIора а 3 минот а йолуш. 10-чу раундехь туьйлира Iамеркахо Мэйуэзер Флойд.

Милла толахь а Iамеркахочун 100 миллион доллар лур ду, ткъа Макгрегорна кхочур ду 30 миллион доллар аьлла барт хиллера и латар доладалале. Иза вовшахтоьхначу наха даккха мегаш ду 600 миллион доллар, коьртачу декъана дерриг а дуьнентIехь иза телевизионашкахь гайта бакъо яларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG