ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаевс варе дина немцойн Iедал Кремлан Германера нохчийн агенташ хьокъехь


Закаев Ахьмад.
Закаев Ахьмад.

Бундестаге харжамаш тIекхочуш Оьрсийчоьно шен нохчийн агенташ меттахбаха мега аьлла, дIахьедар дина махках даьллачу Ичкерин Iедалан хьалханчо Закаев Ахьмада.

RTVD телеканалана ша еллачу интервьюхь Закаевс боху Германехь тIекхочуш болу Бундестаге харжамаш вуно мехала бу Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна.

Цо дийцарехь, мухIажираш бу а бохуш, Нохчийчуьра дуккха а Кремлан агенташ баьхкина Германе. Цу наха зуламаш дан мега аьлла хета оппозицин политикана, меттигера хьал чолхе даккха дакхар Iалашонца.

Хууш ма хиллара, Германи агIонча ю Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш кхин дIа а йитарна, ткъа иза ца тов Оьрсийчоьнан куьйгалхошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG