ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турбинерчу шина вахархочун адвокато кхайкхамбина Кадыровга


Рамзан Кадыров на совещании по вопросам охраны лесного фонда Чечни
Рамзан Кадыров на совещании по вопросам охраны лесного фонда Чечни

Шемарчу ДаIишхойн тобанех дIакхета лаам хилла аьлла, бехкевинчу Турбинерчу шина вахархочун адвоката Ахмадова Хьавас кехат кечдина мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, цушиннан гIуллакх шен куьйгакIелэцар доьхуш.

Дехар тIехь адвоката дуьйцу, талламчаша низамаш дохийна хиларх а. Цо бахарехь, оцу гIуллакхца кхачо йоллуш тоьшаллаш дац гулдина, шина кIентан бехкхилар тIечIагIдеш бина сацам а низамашца богIуш тIеэцна бац.

"Тахана оцу бехктакхаман гIуллакхна гонах кхераме ситуаци а хIоьттина, и зуламан гIуллакхах гIовгIане политикан-резонансе дирзича, ахь Iаткъам баро цхьалха доккхур дара", - яздо Ахмадовас.

Кехатан копи «Кавказ.Реалии» портало зорбане яьккхина.

Старопромыслан кIоштан кхелехь тахана дийцарш дIахьур ду Турбинерчу шина вахархочун Тарамов Мохьмадан а, Тазбиев Жамалайн хьокъехь.

И шиъ бехкево, Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета Iалашо хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG