ТIекхочийла долу линкаш

Марсхьокху - Беттан 28-чу дийнахь 80 шо кхечи Чермоев Тапа дIакхелхина. Цуьнан валар хилла Швейцарерчу Лозанна гIалахь.

Хьолада, политик волу иза ерриге а Кавказехь цIе йоккхуш стаг хилла ву. Кхоьллинчу Ламанхойн республикан коьртехь а лаьттина иза.

Оцу стеган дахар а, валар а, оццул хан яьлча а, кхоччуш теллина дац, цхьацца историкаша тIеххула белхаш бар доцург. Цундела, шортта бух боцу хIуманаш а ду цуьнах лаьцна тахана дуьйцуш, цо а, цуьнан дас а шайн бахам оьрсийн Iедалшна тIе е тевжина гулбина, иза нохчех дог лозуш стаг ца хилла бохуш.

Чермоев Тапин дахар толлучу историн Iилманан кандидате Вачагаев Майрбеке хаьттира Маршо Радионо цуьнах дуьйцург хIун бакъ ду, хIун харц ду, аьлла.

Вачагаев: "Суна кху масийта шарахь, церан кехаташ кегош гучудаьлларг ду, нахана ша дерриг ца девза дела, сихонца цхьа цIе кхуллуш хIума леладо, иза вохкавелла хилла, ахча а эцна ведда бохуш. Дукхадериг царах дуьйцург Советан Iедало юкъадаьккхина хилла хIума ду, цара лелийнарг нийса некъ бацара бохуш".

Кавказехь мехкадаьтта даккха долийчхьана ЧермоевгIеран хьал, иштта а къебоцчу, кхи а тоделла хилла. Цуьнах боккха пайда оьцуш хилла цара. Амма тахана санна а доцуш буру тоьхначу меттигехь йолчу ярташкаь бехачарна цуьнах саялийта гIерташ къа а хегна Чермоев Тапас.

Iедалша иза атта тIеоьцуш ца хилла, амма ЧермоевгIеран тароно а, аьттоно а тIедожош хилла иза. Цундела нахана лууш хилла Тапица оцу тIегIан тIехь болх бан, иза комаьрша а, ахчанна тIехь хьарамло лелош ца хиларна, бохуш дуьйцу историка Вачагаев Майрбека.

Вачагаев: "1914-чу шарахь кехаташ тIехь гуш долу сурт ду, масала, схьаоьцур вай Дуьлка а, БугIан юрт а, цигахь наха цуьнга дехар деш хилла и латтанаш леладе бохуш. Иза воцург а мехкдаьтта лелош кхин нах а ма хилла, цул а чIогIа таро йолуш. Цхьанна а хIуманна тIехь осал ша гайтина вац цо, кепек лачкъош хилла вац иза. Иттанашкахь ярташа елла цуьнга и бакъо. Цара хадийна мах вай дIатеттича нийса дац".

1916-чу шарахь Чермоев Тапас Оьрсийчоьнан Iедалшка кхайкхам бо, элано Барятинский Александра дош ма даллара, нохчашна латтанаш юхадерзор ду аьлла. Иза къобал дина хIетахь паччахьо Николай ШолгIачо. Амма масех бутт баьлча Оьрсийчохь иккхинчу революцино чекх ца даккхийтина и гIуллакх.

1917 - чу шарахь кхуллу Ламанхойн республика олу пачхьалкх. Цуьнан премьер-министр хIоттаво Чермоев Тапа. Иза дукха ца Iаш Париже хьажаво, цигахь дийцарш дан. ХIета хьцига кхаьчначу Советан Iедалан а, паччахьан Iедалан а делегацеша аьттехьа а тIе ца дуьту Оьрсийчоьнан йозуш йоцу пачхьалкх кхоллар.

ХIетахь дуьйна Чермоев Тапа Европехь веха, шен гергарчу нахаца. Дукха нахана гIо-накъосталла а деш йоккху цо цигахь и хан. 1930 -гIа шераш дуьйлалучу хенахь иза банкрот лору Лондонерчу кхело. Дукха хан ялале Швейцарехь кхалхар нисло цуьнан. ДIавоьллина ву Парижана гергарчу кешнашкахь.

ЧермоевгIеран доьзал тIаьхье йоцуш дIабаьлла лоруш бу. Иза гойту, Чермоев Орцин каш тIехь хIоттийначу чурто а. Каш хIинца доцуш ду, ткъа чурт стохка Соьлж-ГIалахь къоман музейн хьалхахь дIахIоттийна.

Генаш хедийна диттан хьесапехь дина ду иза. Ткъа карийна Шина Суьра юккъехь олучу эвлахь, оьрсийн маттахь Пригородное а олу цуьнах.

Цигарчу Магомадов Хьамзатна дагадогIу и каш лаьттинчу меттигехь Iедалша хьечийн беш йоьгIна, и чурт тракторшца дIаса а текхош а.

Магомадов: "Пригороднехь хIинца маьждиг лаьттачу меттигехь церан говраш лелош меттиг хилла. Лахахь церан кешнаш хилла. Чурт дагадогIу суна, масех стаге а айлур долуш дацара и. Орцин чурт ду бохуш, дуьйцуш дара и хIетахь. Кешнаш шардинера. Наха бежнаш а ца дожуьйтура цигахь, кешнаш хилла меттиг ю иза бохуш".

Чермоев Тапа валаран хьокъехь дуккха а хеттарш дисина. Шеконаш ю, иза дIовш а даийна ГПУ-н агенташа вийна хиларх.

Оцу хьоладех историка Вачагаев Майрбека язъеш йолу книга тIедогIучу шарахь зорбане яла тарло.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG