ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчий, яхийта Австрера!"


"Нохчашна азюль яла цхьа а бахьана дац", - иштта дийкира Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министран Соботка Волфганган дешнаш кху деношкахь масех нохчийн къомах волу талорхо лацаран хьокъехь иза леринчу пресс-конференцехь вистхуьлучу хенахь.

Хазнесанна чIогIа шен куьйгакIеларчу полисхоша дIаяхьанчу, цуьнан дешнашца аьлча, „нохчийн мафина“ дуьхьалчу операцина реза а ву ша, вуно чIогIа синхьаамаш бу шен элира министро, 9 стаг лаца а лоцуш, 16 хIусамехь талламаш а беш, 200 сов полисхочо бинчу балхах лаьцна.

„Оьрсийчохь дуккха а меттигаш-м дера ю, уьш, нагахь санна царна шайна кхерам бу аьлла хетахь, кхерамазаллехь Iен йиш йолуш“, - аьлла тIетуьйхира министро, лийцинчарна массарна дуьхьал бехкталламан гIуллакхаш схьадиллина ца Iаш, цаьргара политикан тховкIелонаш дIаяхаран процессаш а йолийна хилар а хьахадеш.

Бакъдолчехь, „Нохчийн мафи“ лаьцна бохуш, даздина лерина цу хьокъехь пресс-конференци а гулйина кхайкхинарг масех нохчийн къомах я нохчийн къомах ларлуш волчу стаго лелийна куталш ду,Маршо Радион цу нехан бевзачийн гонашкара хиина ма-хиллара.

Шен цIе яккха ца лиинчу лийцинчарех цхьаннан лулахочо Маршо Радионе дийцира ма-хиллара, и нах даккхий талор дан я мафин хьесапехь структураш кхолла гуьнахь а ца хилла.

„Делахь, ма хира яра цара йича мафи, эцца массарна а хаа а хууш, цхьацца жоьлгаллаш лелош-м бара уьш, оцу цхьаьна лоьрера а, месаш тоечаьргара а капекаш йохуш“, - элира хьостано Австрин чоьхьарчу министро еза йийцинчу тобанах лаьцна.

Iедалхошна цара лелориг дуккха хенахь дуьйна хууш ца хила йиш а яцара, делахь а, кеста гуьйранна Австрехь хила безачу харжамашна лерина цхьа нохчашца йоьзна сенсаци оьшуш хIинцалц схьа цаьрга шайн куталш Iедалхоша леладойтуш дара аьлла тешна а вара иза стаг.

Iедало нохчийн фактор тIебогIучу харжамашкахь пайда эца кечйина ю аьлла хеташ берш дукха бу Австрерчу вайнахалахь. Цу пачхьалкхан чоьхьарчу министро массо а Австрехь беха нохчий цхьатерра зуламхойн болучуха къамел журналисташна хьалха дар халонга а даьлла дукхаъчарна.

Венерчу Экономикан Университетан студент йолчу Исханова Хедас и шен халахетар дешнашка а дерзийна, схьадиллина кехат яздира министре, „Нохчий, яхийта Австрера!“ аьлла цIе а тиллина.

„Хила там бу, лаьцначарна юккъехь цхьа масех зуламаш лелош берш а. Амма ас хоьтту хьоьга, хьуна бакъо лой цу факто, цхьанна а нохчочунна политикан тховкIело ца йогIу бохуш чIагдан? Хьуна массо а нохчо вевза? Я нохчийн истори евза хьуна? Евзахьара хьуна хуур дара, нохчий кхуза шайн лаамца кхаьчна боцийла, уьш тIамах бевдда баьхкина буйла“ - иштта яздо цо шен хIинцале а социалан машанашкахула а, нохчийн диаспорехула а шуйра даьржичну кехатехь.

Маршо Радионе Исханова Хедас дийцира, ша и кехат яздаран бахьанех. Кхин ца лалора хаамийн гIирсашкахь даима а нохчийн цIе вочу хIумнашца доьзна яхар, боху Хедас. Шена кхин нохчийн буйла хаийта лаьа нахана.

Исханова: „Суна даима а газеташкахь нохчех лаьцна харцдерг яздеш кIордийнера, доцург ма яздой цара цигахь дуккхаъ. Я цхьаммо а дуьхьал олуш хIумма а дацара. Суна гайта лаьара, даима а вайх лаьцна водерг дуьйцучу хенахь вайна иза муха хета. Хаза шайн болх беш, доьшуш бохкуш болчарна хала ма хетий иштта цара яздича. Балха дIа а ца оьцу нохчи хилча, ишколехь а хьийзаво нохчи хилча. Суна иза гайта лаьара, цундела яздира ас и кехат“.

Цу юкъана, „Нохчийн мафи“ лаьцна аьлла дIакхайкхинчу нахах цхьаберш, Маршо Радион информацица дIахецна цIабахкийтира.

Ткъа царех цхьа дакъа талламаш дIаберзалца набахтехь битина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG