ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн депутат вуьйш видео яьржина интернетехь


Нохчийчоьнан парламентан депутатан Асхабов Мохьмадан машенна тIе герзаш детташ видеорегистраторо дIаязйина видео яьржина интернетехь. Цу тIехь гуш ду депутатан машенна улло кхи автомобил нислуш.

РЕН-ТВ-но хаамбарехь, Асхабов герзан чевнех ца веллла хила а тарло, суьрташа гайтарехь, чевнаш йинчул тIаьха машенан урхалла карара а даьлла, некъан хьовзамехь велла хила тарло.

Хьалхо зорбанаша хаамбарехь, пIераскандийнахь вийна махкара парламентан депутат Асхабов Мохьмад. Цабевзачу наха машенна тIе герзаш дитина цуьнан.

Кадыров Рамзана дIахьедина, депутат вер политикан бух болуш дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG