ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь дискотекехь харцахьалелаш нохчо лаьцна полисхоша


17 шо долу Нохчийчуьра орамаш долу кхиазхо ши кIира хьалха дуьйна лохуш хилла полисхоша, Венерчу цхьана дискотеке ша чу ца витича, цу кхерчан корех шишнаш а, тIекхочехь лаьттачу велспеташна тIера схьа а йохуш, чалхаш а етташ, иза волеларна. ХIетахь полисхой тIекхачале ведда къайлавала кадаьлла хилла цуьнан. Амма кIирандийнахь юха а оццу Донауплексс олучу сакъераран кхерче вахана хилла жимстаг, ткъа цигарчу белахахошна иза вовза а вевзина, полици схьакхайкхина.

Полисхойн дискотеке схьа а кхаьчна, белхахошца бистхуьлучу юкъана шеyа тIаьхьа Iедал деаний кхетанза волу къона талорхо шен уллохь нисвеллачу 19 шо долчу стеган пхьаьрсах долу сахьт лачкъон гIоьртина хилла. Вукхо дуьхьало йича кхиазхочо цунна юхь тIе буй тоьхна, чов йина хилла. Эццахь тIекхиинчу полисхоша лаьцна жимстаг.


Венерчу полицин прессица болхбаран декъехь Маршо Радиога бинчу хаамца, цу жимчу стеган кхерчахь лехамаш бинчу Iедалхошна карийнера цу чохь урс а, вуно дезчех сахьт а. И сахьт хьенан ду, мичара даьлла бохучу хеттаршна дала жоьпаш ца хиллера кхиазхочун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG