ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIурба герга ду, ма дохкалаш уьстагIий бусулбанашна!"


Австрехь ГIурбан денош тIе мел кхочу а кечамаш алсамбовлуш бу бусалбачарна юккъехь, гIурбан сагIина хаспаш дарна.

ХIора шарахь санна, шайн таро йолчара я Нохчийчохь шайн гергарчара ГIурба деш, царех дIа кхетий, бежана дуьйш декъа боьлху, я цхьа цигара шайн кхочуш гергар стаг векал вой а, шена тIера уьстагI боьйтий, иза дIасабоькъуьйту.

Амма шо шаре мел долу, вайнах Европехь дIа а тарлуш, цара цигахь орамаш мел хоьцу а, алсам бовлуш бу кхечу бусалба наха санна шаьш бехачу меттигашкахь ГIурба дечийн терахь.

Къаьстина аьхна хьелаш ду иза дан Австрехь бехачу нохчийн, цигахь, цкъа делахь, вуно дукха кхечу къомах бусалбанаш хиларна а, ткъа шозлагIа делахь, и мохк Европехь цхьаъ бен боцуш хиларна, бусалба динна официалехь статус елла болу.

Муьлхачу а Венехь бехачу нохчашна дика вевза цигарчу Ханновермаркт олучу, ткъа вайнахалахь нохчийн базар аьлла цIе яханчу базарахь жижиг лелош, духкуш волу ЯрагIи.

ХIора шарахь цо гIо-накъосталла до Австрехь бехачу нохчашна гIурба дан бежан я уьстагI карон а, харжан а, цу махкахь хьайбанаш лелош йолу фермаш а, хаспаш деш йолу меттигаш а шен дика евзаш хиларна. ЯрагIис дийцира Маршо Радионе, муха кечам бо Алпийн махкахь бехачу вайнаха бусалбачийн коьртачех дезденна.

Хаспашдархо ЯрагIи: „Австрехь болчу нохчаша гIурбанаш тайп-тайпанчу хаспанчаш болчехь до, кху махкахь а, Словакехь а, Венгрехь а. ГIурбанийн мехаш тайп-тайпана ду. Кху Австрехь 160 евро доьху, Словакехь а, Венгрехь а 130 евро ло. Лерина хаспаш деш меттигаш ю цу хIуманна, вуьшта дихкина ду низамца урс хьакхар, амма гIурба дечу кхаа денна Iедало магийна ду хаспа дар“.

ХIора шарахь аьлча санна, гIурбанаш дар цхьацца IалагIожца доьзна хуьлу Австрехь, цигарчу аьтто я националистийн хьежамаш болчу политикаша а, жигархоша а бусалбачара гIурбанна бежнашна я уьстагIашна урс хьакхар меттигерчу дийнаташна Iуналла даран низамца цхьаьнадогIуш дац бохуш протесташ кхайкхорна.

Кху шарахь меттигерчу журналисташна гучудаьлла, Штаермарк олучу бундеслаьттарчу цхьана меттигерчу урхаллехь болх бечу хьукматхочо дийнаташ лелочу фермершка бусалбачарна уьстагIий ма дохка аьлла дехар деш яздина кехат.

Цу кехат тIехь билгалдаьккхина ду, „гIурба тIекхочуш ду, ткъа бусалбачара гIурбанна дуьйчу дийнатна иза синкхетамчуьра а ца доккхуш урс хьокхуш Iедал ду.

Цундела, шайна и дийнатш урс хьакха оьцуш ду аьлла шеко кхоллаеллехь, уьш ма дохкалаш“ аьлла.

ЯрагIис дуьйцу, иштта а, вуьшта а фермерш я бежнаш а, я уьстагIаш тIе вах-ваханчунна духкуш дац, уьш цара хаспаш даран фирманашна бен ца духку, цундела цу кехатна тIехь яздинарг шена ца хезнехь а, амма гIурба дан луучарех иза хьакхалур ду аьлла ца хета шена бохуш.

Хаспашдархо ЯрагIи: „Суна цунах лаьцна хезна хIуммаъ дац, амма фермерш и бежнаш муьлхачу а тIеваханчу стагана духкуш ма дац. Хаспаш деш йолчу меттигийн долахошна духку цара бежнаш а, уьстагIаш а. Нохчи боцурш а, дукха ма буй кхузахь бусалба нах. Фермерийн лерина барт бу хаспаш дечаьрца. Бутт хьалха дуьйна цаьргара оьций, схьадахкадой, дIахIиттийна хуьлу и бежнаш“.

Гергарчу хьесапехь 35 эзар нохчий беха Австрехь. Иза бохург ду, эзарнаш нохчийн доьзалш бу цу махкахь бохург. Наггахь боцург доьзал ГIурбанна йистах буьсуш а бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG