ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ломаз-Юьртара вагийнарг дIакхелхина Новгородехь


Цхьайтта де хьалха,Теркйист кIоштарчу Ломаз - юьртахь газ а иккхина, вагийначу веаннах цхьаъ Мисарбиев Мовсар дIаваьлла. Цуьнан кхалхар нисделла Лахара Новгород олучу гIалин багийначу лазархошна дарба лелочу лазартнехь. Кху Марсхьокхучу - беттан 30-чу дийнан Iуьйранна схьалур ду аьлла, Iожалле вирзинчу 18 шаре ваьллачу кIентан дакъа.

Маршо Радион хьасташа дийцарехь, дIакхелхинарг санна 80% сов дегI дагийна, вочу хьолехь хуьлчух тера ду ШаиповгIеран кIант а. Ма-дарра аьлча, лоьраша талур ву аьлла тIелацам беш вац вагийна важа ши кIант а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG