ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Аннин йина де ду


Марсхьокху-беттан 30-чу дийнахь йина де ду Оьрсийчоьнан журналистан, бакъонашларъярхочун Политковская Аннин. Политковская Анна дуьненна а евзаш дешан говзанча яра, бакъдерг луьра дIаолуш, харцонца къийсам латтош, мискачу нехан бакъонаш ларяърехь шен са а ца кхоош.

Герз тоьхна, йийна карийра Политковская Анна Москох, ша ехачу цIийнан лифта чохь. Хиллачу кхело иза ер дуьйзира, цо дуккха а шерашкахь Нохчийчоьхь тIом боьдуш, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш Iорайохуш йийцарца.

2014 –чу шарахь Москохарчу кхело Политсковская Анна ерна пхи стаг бехк тIебилларца кхеле озийра. Гайтукаев Лом-Iелина а, цуьнан йишин воIна Махмудов Рустамна а белла дIабовллалц набахтехь такха хан туьйхира.

Зуламна декъахь лоручу кхечу шина вешина МахмудовгIарна, ИбрахIимний, Джабраилний, милцо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейний 12, 14, 20 шераш хенаш кхайкхийра набахтехь яккха. Цул совнаха, суьдо 5 миллион сом Оьрсийн Iедале оъхьадиллийтира Политковская Аннин доьзална.

Нохчийн къомана дуккха а орцахйийлира ша дийна йолуш Политковская Анна. Ткъа яц иза хьахош Нохчийчохь я иза йинчу дийнахь а, я йийначу дийнахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG