ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс дIакъевли режиссерна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх


Цхьанатоьхначу Iаьрбойн Эмираташкарчу Абу-Дабин кхело дIакъевлина оьрсийн режиссерна Манукян Арикна дуьхьал даьккхина бехктакхаман гIуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочун дехарца. Кинорежиссеро а, цуьнан накъосташа а дукха дехарш динера Кадыровга, гIо доьхуш.

Ши бутт хьалха Абу-Даби гIалахь лаьцнера Манукян нускал дерзорах шейх Заедан доккхачу маьждигна уллохь видео йоккхуш. Оьрсийчоьнан векалтан посола бахарехь, маьждигна гергахь видео яккха пурба даьккхина ца хилла Iедалера кино йоккхучара. Цунна кхачадора гIуда а, набахтехь яккха хан а.

Абу-Дабин Iедалша, Кадыровца шайн гергарлонаш хиларе терра, дIакъевли Манукян Арикна дуьхьал айдина гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG