Оьрсийчоьнан орцан министраллан куьйгалхочо кабинет министрийн кхеташонехь йовзийтина, стохка Нохчийчохь токхамаша зенаш динчу нахана 500 миллион компенсаци яларан проект.
Маршо Радионо ма дийццара, стохка аьхка даккхий догIанаш лаьттира Соьлжа-ГIалахь а, Теркйистан, Хьалха-Мартанан, Грозненскан кIошташкахь. Цхьаццайолчу меттигашкахь тоькаца а, хица а проблемаш хIиттинера.
21 шо долу гIалин яхархо еллера токхамашкахь, кхи а 3 стагна чевнаш йинера кеп-кепара.
Махкарчу орцанхойн жамIашца, 507 хIусаман тхевнаш дохийнера, 23 социалан а, 16 инфраструктуран объекташ хIаллакхилира.