ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ломаз-Юьртахь газ иккхина лазийначарех кхи цхьаъ велла


Кху беттан 16-чу дийнахь яго газ иккхина, виъ жима стаг кIожам беш вагийна, боккха бохам нисбеллера Теркйист кIоштан Ломаз - юьртахь. Оьрсийчохь уггаре а ду бохучу Лахарчу Новгород гIалин дарбанан цIийне кхачийначу лазархой цхьаъ Мисарбиев Мовсар дIакхелхинера кхо де хьалха.

И эккхар нисделла ши кIира кхочуш, кху Гезгамашин беттан 1-чу дийнахь кхин кхетамчу ца вогIуш, дIаваьлла шолгIа дархо а - Шаипов Рамзанан кIант. Новгородера Москох а кхачийна, цуьнан дакъа Нохчийчу схьадан гIайгIа беш бу ШаиповгIар.

Юххерчу гергарчара дийцарехь, хьалхо велла МисарбиевгIеран кIант а цIа валош а, хIинца хIара цIа вало кема лоцуш а, шайн ницкъ кхочучу барамехь дакъалоцуш жигара хьийзина цигашхула беха вайнехан векалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG