ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхоша бехкбаьккхина Германин а, Нидерландийн а Iедалшкара


Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн организацийн векалша хоьтту Германин а, Нидердандийн а Iедалшка, мича бухтIехь шенген виза елла «Терек» олучу нохчийн СОБР-н командирна, Кадыров Рамзанан хадархочунна Висмурадов Абузайдна маьршша Европан пачхьалкхашкахула лела. «Новая газетано» бина и хаам.

Европерчу миграцин хьукматашна а, Европан Кхеташонан «Къизаллашна дуьхьалояран комитете» а гомосексуалисташа латкъамаш беш дийцина, шайна тIехь ницкъбеш, Iазап латтийначарлахь «Патриот» цIе лелон Висмурадов Абузайд хиларх. Германи а кхаьчна, Европан мехкашкахула Роттердамехь (Нидерландаш), дIахьочу UFC турнире кхача Iалашо йолуш шаьш хилар хаийтина Инстаграмерчу шайн агIонаштIехь цо а, Кадыровн Германера векал ву ша бохучу Дугазаев Тимура а.

Шоьтадийнахь Роттердамехь хир ю UFC турнир. Цигахь латаршкахь дакъалоцуш бу Оьрсийчуьра 4 спортхо. Ву цаьрца Кадыров Рамзана тIехь Iуналла латто Эдилов Iабдулкерим а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG