ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь, Иракъехь хиллачу зударшна кхел йийр яц Нохчийчохь


Шемара а, Иракъера а цIа далийначу беринй наношна дуьхьал бекхтакхаман гIуллакхаш ца даха сацам бина Нохчийчуьрчу Iедало. И хаамбина терроризмна а, экстремизмна а дуьхьало латточу Центран векалша.

ПIераскандийнахь лерина рейс кхаьчна Соьлжа-ГIала Иракъерчу Эрбил гIалара 4 зуда а, 8 бер а далош.

Ю царлахь кхаа бераца нохчо, Тверь, Нижневартовск гIаланашкара шина бераца ши зуда а, Казахстанера кхаа доьзалца яхархо а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь билгалдаьккхина, и зударий шайн лаамехь цIаберзарна а, шаьш бехкехиларан мукIарло цара дарна а бехкалара бовлуьйтур бу уьш аьлла. Казахтанерчу яхархочун гIуллакх цуьнан пачхьалкхо ша луьстур ду.

Дагадоуьйту, Шема дIа а яхана, ДаIишхойх дIакхета лаам кхаьбначу Москохарчу студентна Караулова Варварина 4, 5 шо хан тоьхна набахтехь такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG