ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лаьцна федералан лехамехь хилла стаг


Невран кIоштахь МВД-н белхахоша леррина операци дIахьош лаьцна Рубежное эвлара 36 шо долу вахархо. Цуьнан цIе юьйцуш яц.

Цу стага къола дина хилла Къилбаседа ХIирийчохь. И бахьана долуш цу республикерчу Мазлакан кIоштан полицино федералан лехаме велла хилла иза.

Нохчийчуьрчу МДВ-н урхаллан зорбанан сервисо дийцарехь, ХIирийчуьрча МВД-н урхалле хаам бина и стаг лацарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG