ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа а зулам ца хуьлуш дIайирзина Соьлж-ГIалара митинг


Соьлж-ГIала, митинг.
Соьлж-ГIала, митинг.

МВД-н Нохчийчьурча урхалло бинчу хаамца, Соьлж-ГIалахь хиллачу митингехь дакъалоцуш вара 1 миллион 100 эзар стаг. Полицин векалша дийцарехь, и акци дIайирзина, цхьа а дина зулам а доцуш.

Митинган кхерамазалла ларйечу полицин белхалошна цхьа а латкъам бина ца хилар билгалдоккху Нохчийчоьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Соьлж-ГIаларчу митингехь Мьянмехь бусалбанаш хьийзор сацаде аьлла дехар дина дакъалаьцначу наха. Цу махкахь хуьлург геноцид ю аьлла хета Нохчийчуьрчу бахархошна.

Митингехь вистхилла Кадыров Рамзан. Цо баркалла аьлла цу акце баьхкинчарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG