Оьрсийчоь реза ца хилла ООН-ан Кхерамазаллин кхеташоно Мьянмерчу бусалбанашна гIо дар хьокъехь кечйина резолюци тIеэца аьлла хаам бакъдолчуьнца богIуш бац. Цунах лаьцна хаам бина шен Фейсбукерчу агIон тIехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс.
Хьалхо Reuters агенталло хаам бинера, Оьрсийчоьно а, Китайно а дуьхьал кхаж тесна ООН-ан Кхерамазаллин кхеташоно Мьянмерчу хьолах лаьцна кечдинчу дIахьедарна аьлла.