ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: Оьрсийчоьнан кхин а 155 стагана лахдан бакъо ю Iамеркан дипмиссин белхахойн терахь


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан Iедалийн бакъо ю Iамерко шайн Сан-Францискора инарла консулство а, Вашингтонера а, Нью-Йоркера а махбаран векалаллаш а дIакъовларна жоп дала. Цунах лаьцна Китайхь БРИКС-ан саммитехь хиллачу зорбанан конференцехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, хаам бо Интерфаксо.

Оьрсийчоьнан президентана хетарехь, паритет хилийта эшахь, кхин а 155 стагана лахдан аьтто бу Iамеркан Оьрсийчохь йолчу дипмиссин белхахойн терахь. Амма шаьш иза цкъачунна дийр дац элира Путина.

Путинна хетарехь, Iамеркан Iедалша бахамца йоьзна бакъонаш йохийна Оьрсийчоьнан. Цундела ша арахьарчу гIуллакхийн министраллана омра дийр ду суьде латкъам бан, «хуур ду-кх муха болх беш ю, хестийна йолу Iамеркан кхелан система» бохуш вара Оьрсийчоьнан куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG