ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан телешоухь дакъалаца реза ца хилла бизнесхо Джабраилов


Джабраилов Iумар.
Джабраилов Iумар.

Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федералан кхеташонан сенатор хилла Джабраилов Iумар реза ца хилла «Хилларг ма дарра» цIе йолчу телешоухь дакъалаца. И шоу дIаязйеш декъашхошна таллам бо «харцонан детектор» олучу гIирсаца. Цунах лаьцна хаам бина «Кавка.Реалиино», РБК-на тIе а тевжаш.

Телешоухь дакъалаца Джабраилов реза ца хилар тIечIагIдина цуьнан зорбанан секретаро Горчаков Григорийс. Цу хаамна комментари еш, Горчаковс элира, оьшуш ду аьлла ца хета шайна бизнесхочо «тайп-тайпанчу неха самукъадоккхучу шоушкахь» дакъалацар аьлла.

ДIадаханчу кIиранах Москох, Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу бизнесмена, экс-сенатора Джабраилов Iумара РБК агенталле дIахьединаера, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар. Иштта цо бехкбуьллинера хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьллера Джабраиловс РБК-н журналисташка.

"Дахаран хьелашца доьзна бахьанаш дара отелехь сан конфликт эккхарна. Хьешан цIийнан куьйгалла а, кхерамзалла ларйийраш а со цу чуьра араваккха гIертара. Провокаци йира цара суна. Со дохковаьлла юкъара къепе айса йохорна. Бехкталламан гIуллакх даьккхина цуна дуьхьал. Со бакъахьара, низамаш лардеш стаг ву. Сайгара даьллачух жоп дала кийча а ву", - бохура Джабраилов Iумара.

Полицина шегахь наркотикаш карийна бохург а бакъ ца дина бизнесмена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG