ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9 шо хан тоьхна Гуьржийн килсан протоирейна


Гуьржийчоь -- Тбилисера кхел, 05Гезг2017
Гуьржийчоь -- Тбилисера кхел, 05Гезг2017

Тбилисерчу кхело набахтехь даккха 9 шо хан тоьхна протоирейна Мамаладзе Георгина. Иза бехке лаьрра каталикос-патриархан Илия II-чьyнан секретарана Тетруашвили Шоренина дIовш мало гIортарна.

Мамаладзе лаьцнера Тбилисерчу дуьненаюкъарчу кеманпортехь, Берлине ваха новкъаваьллачул тIаьхьа. Цуьнан хулчашна юкъахь карийнера potassium cyanide (цианидан калий) олу дIовш.

84 шо долу Илия II ву 1977-чу шарахь дуьйна Гуьржийн православин килсан коьртехь. Цу махкарчу 80 процент бахархоша лору шаьш керстан православин динехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG