ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало Моцаев Валид вийна Дагестанехь


Дагестанехь ницкъаллийн структурийн белхахоша герз диттина вийна меттигера вахархо 29 шо долу Моцаев Валид. Iедалша чIагIдарехь, иза хилла Хасавюьртахь къайлах лелачу тIеман тобан куьйгалхо.

Терроран дуьхьал йолчу комитето чIагIдарехь, Моцаев реза ца хилла Iедалан караваха. Цуьнан метта цо герз диттина полисхошна.

Хиллачу герзаш тохарехь чевнаш хилла цхьана полисхочунна а, ларамаза цигахь нисвеллачу маьрша вахархочунна а. ШолгIаниг велла хиллачу чевнех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG