ТIекхочийла долу линкаш

"Эхо Москвы" радион ладогIархой кхоьру буьйсанна нохчо шайна дуьхьалкхетарна


Iарж елча муьлхачу кIоман векал дуьхьал кхетарна кхоьру шу? Цу тайпа хаттар делла шен ладогIархошка "Эхо Москвы" радионо.

Харжам бан баш дIоггара яккхийн таронаш а ца юьту радионо. Дуьйцург ши къам а бен дац – украинахой а, нохчий а. Царна юкъахь харжам ца балуш висинчун кхоалгIа вариант а ло «Эхо Москвы» радионо. Иза ду «жоп дала хала суна» аьлла жоп.

ЛадогIархой дика кхеттачух тера ду шайга хоьттучух. Интернетехь цкъачунна кхаж тесначерах буьйсанна шена дуьхьал нохчи кхетарна кхоьру 79 процент. 7 процента украинахойх кхоьру. 15 стаг дала жоп доцуш висина.

Кхин а чIогIа кхоьру нохчех, редакце телефон а тоьхна, шайна хетарг довзийтинарш. Царах 89 процент бу цу тайпа нах. 11 процент кхоьру Украинин вахархочух. Цу шина къомах цакхоьруш стаг вац кхузахь цкъачунна.

XS
SM
MD
LG