ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало ву боху 4 стаг вийна ХIирийчохь


ТIаьхьарчу дийнахь-бусий 4 стаг вийна Къилбаседа ХIирийчохь, тIемалой ву аьлла. Иштта, кхо тIемало а вуьш, хьалхара тIеман операци хилла Гуьржийчоьнан дозанца йолчу Чми эвлахь.

Цигахь вийначу кхаа стагах цхьаъ Юккъерчу Азера схьаваьлла ву аьлла хета Iедалан векалшна. Важа шиъ меттигера вахархо ву (цу эвлахь бехаш бу гIалгIайн а, гуьржийн а, хIирийн а доьзалш).

Оццу дийнахь суьйранна кхин цхьа стаг вийна ХIирийчохь, Буру-гIалана гергахь. Иза ву Дагестанера вахархо. И стаг вийначу ницкъаллин структурийн тобанан векалша дIахьедар дина, иза шайна герзаца дуьхьало ян гIоьртира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG