ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беларусин Iедалша Оьрсийчу дIахьажийна шайга тховкIело йоьху нохчи


Саламов Iимран.
Саламов Iимран.

Кху беттан 5-чу дийнахь Беларeсин Iедалша Оьрсийчу дIахьажийна 40 шо долу Нохчийчуьра вахархо Саламов Iимран, хаам бо TUT.BY сайто.

И стаг Беларусехула Евробертан территори тIе вала гIерташ хилла шена политикан тховкъело еха дагахь. Цуьнах гIуллакх ца хилча цу махкахь тховкъело ехна хилла Саламовс. Амма Беларусин Iедалш реза ца хилла Саламовна мухIажиран статус яла, шайн махкана иза кхераме хила мега аьлла. Кхеле латкъам бан низамо луш йолу хан чекхъялале иза дIахьажийна Оьрсийчоь.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, Саламов кхоьруш хилла Оьрсийчохь ша хьийзорна. Оьрсийчоьнан МВД-н Соьлж-ГIаларчу урхалло лехаме велла хилла иза тIемало хилла аьлла.

Цу бахьаница Беларусин милицино лаьцна хилла Саламов. Ткъа кху беттан 7-чу дийнахь цуьнан адвокатана гучудаьлларг ду и стаг Оьрсийчу дIахьажийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG