ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Багаева: "Къанвелча дечу совгIатах хIун самукъадолу?"


Багалова Зулай
Багалова Зулай

Нохчийчохь седарчий доькъу 12, 14, 16 шераш долчу "артисташна", бо царех"хьакъболу" а, "халкъан" а артисташ. Ткъа хьанна тIехь ду култура а, искусство а кхиор?

ХIара санна самукъане, исбаьхьа суьйре кестолгIа шений-шений гина яцара меттигерчу бахархоша а бохуш, гулбеллера кхаарин суьйранна Куьрчала кIоштан майданахь.

Къоначу иллиалархочо шен концертехь вовшахтоьхнера юьртахой а, махкара Iедал а, баккхий а, кегий а хьаькамаш а.

Селхана сцени тIехь эшарш лакха йолаеллачу рогIерачу Нохчийчуьрчу филармонин белхахочунна Хаджимурадова Радимина совгIатдан веанера Кадыров Рамзан.

И тайпа концерташ кес-кеста дIахьо махкахь, амма тидам тIебоьдург ду, хьалакхиъна а ялале, ур-атталла шен махкахь дIоггара евзаш а йоцчу цунах Кадыров Рамзана шен омраца «Хьакъйолу артист» яр.

Радимин шен а дац 16 шо бен.

Делахь а, махкахь дIабоьлла нах Iедалан коьртехь болчара цу кепара гIулчаш кест-кеста йоху дела.

Кху тIаьххьарчу шерашкахь корматалла елахь а, яцахь а, кисанара схьаоьцуш санна, дIасайоькъу Кадыровс артисташна мидалш, совгIаташ.

Ишта-м "комаьрша" ву иза, Оьрсийчоьнан мел дукха бу «нохчийн халкъан артисташ».

Дагадоуьйту, дуьххьара Оьрсийчоьнан шоумен, тахана "нохчийн ВАША" Басков Николай Соьлжа-ГIала веача, хIетахь културин министран даржехь хиллачу Осмаев Мовлас сцени тIе хьала а ваьлла, Басков нохчийн хьакъболчу артистийн могIаршка оьцуш бина сацам дIакхайкхийча, Кадыров Рамазана юкъахваьккхира министр: "ХIан-хIа, хьоьгара геч ца даллал ледарло яьлла, Басков нохчийн халкъан артист ву", аьлла.

Вуьшта Голливудера артисташ тIеозо а гIоьртира махкара Iедал. Масала, Депардье Жерар, Херли Элизабет, Ван Дамм Жан-Клод.

Уьш-м бахка а баьхкира Нохчийчу цкъа, амма шолгIа тIе ца дитир-кх.

Умарова Тамила, нохчийн хьакъйолу артист
Умарова Тамила, нохчийн хьакъйолу артист

Устрада-ГIалахь 2008-чу шарахь 12 шо долчу беро Умарова Тамилас цхьана дезачу денна махкара Iедалхой гулбеллачохь Кадыров Ахьмадна лерина, «Хьалхара паччахь» цIе йолу йиш лекхча, дог кIадделлачу Кадыров Рамзана «Хьакъйолу артист» йира цунах а.

Москох дIахьочу «Голос» проектехь финале яьлла нохчийн 14 шо долу Асланбекова Раяна, цIа ма йирззи хьакъ хилира и еза цIе лело.

Цундела кховдочу хIумане марзбиначу иллиалархоша даим а сатуьйсу Iедалан куьйгаллехь болучеран бIаьрг шайна тIехьажаре.

ТIеозо хаа а хаьа царна. Церан эшарийн репертуарехь КадыровгIеран тайп-тукхумехь мел берш хестош, базбеш даьхна иллеш ду.

Кху заманан артистийн репертуар иштта ю-кх, цхьана чулацамехь.

Дешнаш а шайн, мукъам а шайн, дIаалар а шайн долуш.

Канадехь эмиграцехь ехачу нохчийн иллиалархочо Рамзаева Бирланта ца лору уьш я иллеш ду аьлла а, эшарш ю-кх боху цо. Цунна хетарехь, ша замане хьаьжжина гIуллакх ду.

Артистийн, спортхойн зама ю хIара элира цо Маршо Радиоца къамелехь.

Рамзаева Бирлант, иллиалархо
Рамзаева Бирлант, иллиалархо

Рамзаева: "Суна хьо веза", "хьуна со еза" и иллеш, аьлча а эшарш, иллеш-м дера дацара уьш. Ой, цхьажимма нохчалла а дуьтуш, цхьа маьIна а долуш хила ма еза локхуш ерг а. ХIара хан хIун хан ю хаьий хьуна, хIара зама моттбеттачийн, моттхьоькхучийн, куьцехь болчу мехкарийн зама ю-кх. Шаверриг а спортсмен, артист хилла дIадаьлла-кх хIара. Оьрсаша ма оллура "пир после чумы", и ду-кх и!»

Ткъа нохчийн театра халкъан артист Багалова Зулай дуьхьал яц мидалш къоначарна дIасаекъийта. Къанвелча, дуьненан чам а байча, царех хIун самукъадолу моьтту хьуна бохуш, дийцира цо кху замаман артистех а, Iедало цаьрга бечу озабезамех а.

Маршо Радионо мила ву бакъволу артист аьлла шега деллачу хаттарна жоп а луш, дIадолийра актрисас къамел.

Багалова Зулай, театран актриса
Багалова Зулай, театран актриса

Багалова: "Сога хаьттича а, хьоьга хаьттича а, хьангга хаттахь а, халкъо тIелаьцнарг ву-кх артист! Суна цкъа а дош ца хетта и цIераш. Царех дан хIума а дац, цара я ахча а ца ло. Халкъо хьо тIелаьцнехь, ахь нийса некъ бу-кх хаьржинарг. Советан Iедалехь дуьйнна а долуш ма ду, луучунна луш, хIетахь а ма яра уьш. Ма хала эцна-кх ас и хьакъйолу а, халкъан а артистан цIе. Мел дукха къахьега дезара. Делахь а, жима волуш, къона волуш ца елча, къанвеллачул а тIаьхьа хIун до оцу цIарх? ХIуъа а совгIат дарх, суна бен- башха дац тахан. Къанвелча дечу совгIатех хIун самукъадолу?"

Нохчийн културехь а, сцени тIехь а долу хьал, даим санна ма-дарра, къайла а ца хьош довзийтира Маршо Радиона стохка, тахана вайца воцчу, нохчийн къоман тоьллачех иллиалархочо Усманов Iимрана а. Карладоккху оха артистца хиллачу къамелан цхьа дакъа.

Усманов Iимран, иллиалархо
Усманов Iимран, иллиалархо

Усманов: "Бакъдерг аьлча, тахана културехь а, искусствехь а долу хьал, халахеташ делахь а, ледаро ду. ХIунда аьлча, оцу хIуман кIорге йовза лууш бац кегийрхой. Масех стагна шаьш хазахетчахьна, цара шайга ладоьгIчхьана, тоам а хеташ Iаш бу. Ас забаренна санна ала а олу цаьрга, Дела реза хуьлийла шуна, шу юкъадоьвлчхьана, тхоьга ладогIа буьйлабелла нах. Къа а ца хьоьгуш йиш лакха а лаьа цхьаболучарна, къа а ца хьоьгуш пачхьалкхан совгIаташ а деза".

Шераш дIаоьху, баккъал а шайн корматалла а, похIма а кхиош, къоначу эшаршлакхархошна керланиг хьоьхуш, нохчийн култура кхиош, юзуш богIу артисташ буьсу адамийн дегнашчохь, кхи Iедало шена герга а ца балош.

Ткъа Багалова Зулайс ма аллара, адамийн дегнаш чу кхачавелларг ву-кх бакъволу артист а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG