ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Грозный-информ: Министро Джамбулата жоп делла Навальныйна


Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министр Умаров Джамбулат.
Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министр Умаров Джамбулат.

Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата видеокхайкхам дIаязбина Навальный Алексейга хьажийна болу.

Иза гучубаьлла Умаровн Фейсбукерчу агIон тIехь, хаам бо Нохчийчуьрчу "Грозный-Информ" агенталло.

Умаровс шен къамел дIаяздаран бахьана ду кху деношкахь Соьлж-ГIалахь Мьянмерчу бусалбанашна гIортор еш хилла митинг хьокъехь Навальныйс аьлларг.

Умаровна хетарехь, «оппозиционер ву бохучу цуьнан артикл ю кIиллон а, эладиттан а публикаци».

Навальный «къилло а, цхьацца гонаша Оьрсийчохь адам карзахдаккха хьалхатоьттуш волу гомха аферист а ву» боху Нохчийчуьрчу министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG