ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СБУ: Киевехь Махаури верна бехке хила мега Оьрсийчоьнан леррина сервисаш


Киевехь Махаури Тимуран машен эккхийтинчохь таллам дIахьош бу полисхой.
Киевехь Махаури Тимуран машен эккхийтинчохь таллам дIахьош бу полисхой.

Киевехь машен эккхийтина вийначу Гуьржийчоьнан махкахочун Махаури Тимурана даима а тIаьхьаевлла яра Оьрсийчьонан а, Нохчийн Республикан а леррина сервисаш, дIахьедар дина Украинин кхерамазаллан сервисо шен Фейсбукерчу агIон тIех яздо racurs.ua сайто.

СБУ-но дийцарехь, Махаури Тимур вина 1978-чу шарахь Нохчийчохь. 1999-чу а, 2000-чу а шерашкахь цо дакъалаьцна Нохчийчуьрчу тIемашкахь. Дагестанехь хиллачу тIематасадаларехь чов хилла ву иза.

Махаури шега далург деш къийсам дIахьош вара Путинан режимаца.

СБУ-н векалша дийцарехь, Гуьржийн а, Оьрсийчоьнан а тIом боьдуш Махаури дакъалоцуш вара цу тIамехь Гуьржийчоьнан агIор. Цо доттагIаллан юкъаметтигаш латтайора Украинин малхбалехь дIахьочу антитерроран операцехь дакъалоцуш болчу эскархошца.

Украинин кхерамазаллан сервисо бинчу хаамца, Махаури вен дагахь кхузза тIелатар дина хиллера цунна.

Цу хеннахь зорбанан гIирсаш яздо, Махаурица машен чохь хилла зуда евзаш йолу Украинера модел Кошель Наталья ю бохуш. Карарчу хенахь иза дарбанан хIусамехь ю. Лоьраша дийцарехь вочу хьолехь ю иза.

Цаьрца хиллачу 6 шо долчу кIентан дахарна кхераме хIумма дац боху лоьраша. Иза а ву дегIан меженаш ягийна дарбанан хIусаме охьавиллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG