ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу Куфстайн гIалахь летта кавказхой а, туркой а


Австрин полици. Маршо Радион архивера сурт.
Австрин полици. Маршо Радион архивера сурт.

ПIераскан сарахь Австрерчу Тирол латтахь, 300 стаг теш а волуш, вовшахлеттера Кавказерий, Туркойчуьрий орамаш долу кегийра нах. Суьйранна 19 сахьт долучу хенахь, тешаша орца а даьккхина, цу гIаларчу Иннтал олучу йохка-эцаран центре схьакхаьчначу полисхошна кхо турко карийнера, шаьшна цхьана кхечу кхаа жимчу стаго йиттина бохуш чIагIдеш болу.

Цара дийцарехь, кхо талорхо кхарна тIелатар а дина, машенахь дIаваханера. Цара йийцина машен масех минот яьлча сацийначу полисхоша, иттанашкахь хьоьжуш нах а болуш, тIе герзаш а лаьцна, араваьккхинера цу чуьра кхо жима стаг.

Меттигерчу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, и лецнарш нохчи бу, ткъа Тирол латтарчу Маршо Радион хьостанаша дийцарехь,уьш суьйли бу.

Шен рогIехь, Куфштайн гIаларчу полисхойн декъан векало Маршо Радиога бинчу хаамца, и 26-27 шераш долу кхо стаг Оьрсийчуьра хилар бен, уьш муьлхачу къомах бу бохург хIинца а къастийна дац. Иштта Iедалхоша дийцира, лецначара шаьш туркошна еттаран бахьана цкъачунна дийцина дац, и кхо стаг, бехкталламан гIуллакх схьа а диллина, цкъачунна цIавахийтина ву, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG