ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чийгоз Ахтеманна набахтехь даккха 8 шо кхайкхийна


ГIирмин Лакхарчу кхело 8 шо хан кхайкхийна гIезалойн Меджлисан куьйгалхочун гIовсна Чийгоз Ахтемна. ГIирмин Азатык редакцино бина и хаам. Оьрсийчоьнан Iедалша бехкевина иза 2014-чу шарахь Чиллан-баттахь дуккха адамаш вовшах а тоьхна, къепедацарш лелорна. Прокуроро Супряга Анастасияс ГIирмерчу коьртачу кхеле 8 шо дехнера Чийгоз Ахтеманна. Ши шо а, ах шо а хан ю Чийгоз лаьцна СИЗО-хь латто. Суьдхоша 154 кхеташо дIаяьхьна цуьнан гIуллакхан хьокъехь.

Чийгоз лецира меттигерчу Iедалша ши шо хьалха, Украинера ГIирма дIаяккхарна дуьхьал хиллачу митингехь дакъалацарна. ХIетахь Евромайданан агIончийн, дуьхьалончийн хиллачу тасадаларшкахь ши стаг вийра, иттех лазийнера. «Мемориало» Чийгоз лоруш ву политикан тутмакх.

52 шо долчу Чийгоза ша бехкехилар тIе ца дуьту. Ши бутт хьалха кхелхина цуьнан нана. Иза ялале хьалха ГIирмина аннекси йинчу Iедалша бакъо елира Чийгоз Ахтеманна нана ган.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG