ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташкахь белла нах дагалоьцур бу Трампа


2001-чу шеран гурахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь теракташ дар дагалоцучу барамашкахь ша президент хIоьттичхтана дуьххьара дакъалоцур ду Трамп Доналда.

Довдийна кеманаш Нью-Йоркерчу а, Пентагонерчу а дуьнеаюкъарчу пачхьалкхашлахь йохка-эцар лелочу Центрашна тIекхетаран бахьанашца 3000 стаг велира хIетахь. ДоьалгIа кема Пенсилванехь аренца доьжнера.

КIайчу цIийно хаамбарца, президента а, цуьнан хIусамнанас Трамп Меланис а дакъалоцур ду Нью-Йоркерчу хенаца 9 сахьт даьлча Вашингтонехь тийналлин минотехь.

Иштта президент а, хьалхара леди а декхаре ду Пентагонехь белларш дагалоцуш хIитто болчу барамашкахь а кхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG