ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кхечу дуьненара кху жоьжагIате стенна даладо бераш"?


Daisy Duck character in Disneyland Paris
Daisy Duck character in Disneyland Paris

Бегашена а доцуш, ира хаттар лаьтта Европехь бехачу нохчашна хьалха. Вайнехан гIиллакх-Iадаташдовзийта, доьзал ненан маттах хер ца балийта, уьш нохчаллех ца тилийта хIун дан догIу?

Муха дижо деза те берийн кхетаме цигара зовкхах, токхонах, эвхьазаллех дуьзна дахар а, вайнехан синмехаллаш, ламасташ, уьйр-марзонаш кхето хаар а…?

Цу а кхечу а хеттаршна жоьпаш каро гIерташ, цхьаболчу дайша, наноша цхьанна ханна олий, цIа балабо шайн доьзалхой, харц тIеIаткъамах хербархьама, вайнехан уьшар-амалехь кхиаре сатуьйсуш.

Дукха дацахь а, масалш ду бераш бахьанехь, Европера синтеме, зовкхе дахар а дитина, цхьаболу бахархой цIехьа бирзина.

Иштачех цхьаъ ву, хIусамненах а къаьстина, кхо кIант а валош, махка вирзина Шелковск кIоштера Магамадов Лоьма.

Бераш кхеттал хила доьлча цIехьа а дерзийна, цIахь кхетош-кхио деза аьлла хьажам болчех ву 14 шо Белгехь даьккхина Лоьма.

Лоьма: "Сан хьекъалехь бераш ондадовла доьлча цIа а далийна царна кху цIахь бух буй хаийта деза, уьйраш кхоллаялийтар, шайн къомах, ненан маттах болийтар вуно мехала ду суна гергахь. Цигахь хьалакхиъча а вайнехан бераш осала а ца хуьлу, ийманехь а хуьлу, ламаз-мархица а хуьлу амма нохчалла бохучу кхетамна бовлуш гена бовлуш уьш.

Цундела церан дог-ойланехь шайн къоман амал-битамаш чIагIбаллалц уьш Даймахкахь хила беза, ишколера бовллац ирх-пурх а. ХIаъ маттах херло-кх. Цунах хервелча кхидерг ша-шаха доьза дан ма дов".

Европера бераш цIадерзор хьокъехь хIинцца къамел динчу Лоьмин санна хьажам боцурш дукха бу. Царех ю ши кIант, цхьа йоI а кхобуш йисина Iаш йолу ХIирийн мехкан Мазалк кIоштера Дадаева Хеда. Ден а, ненан а бала кхачахь, уггар хьалха шайлахь, чохь цара нохчийн мотт буьйцуш белахь, берашна а ца хуийла дац мотт боху Хедас.

Цунах бахьана а дина, нохчаллех ца тилийта аьлла берийн психикана тIеIаткъам а беш европера уьш цIа дало хьашто яц боху Хедас.

Хеда: "Бер жималлехь дуьйна дас-нанас нохчийн маттахь Iамадахь, уьш Европера цIа бало-м беза аьлла суна-м ца хета. Хууш оьрсийн мотт а боцуш цара кхузахь муха доьшур ду. Кхечу дуьненера кху жоьжагIате схьа стенна даладо бераш? Со цунах кхетац".

Дас-нанас шаьш шайн берашна ненан мотт Iамо беза, тIаккха дезар дац уьш дехьа даха а, я сехьа а даха а аьлла хеташ ву Ножай юьртан кIоштера тергамхо, историн говзанча Iаднан.

Iаднан: "Оцу дений, нанний тIехь ду берашна мотт Iамабайтар, эшахь човхийна а. Бер кхуьуш дуьйна шурийций Iамо беза берана мотт, цара шаьш бийца а, лело а беза ненан мотт.

Цара шаьш ларбичхьана беро муха ларбийр бац мотт? Цара сагатдан а ца оьшуш бухарчара буьйцуш болу мотт царна ишта а, вуьшта а Iемар ма бу. Стеган шен идентичность олуш тайпаналла дIайолу мотт бицбича. И дIаяьлча цунах цхьа юьхь йоцуш санна адам ма хуьлу.

Тхан цхьа гIиллакхаш ду, церан кхин гIиллакхаш ду. Церан а ду диканаш, тхан а ду. Ишта кхоьллина ма адамаш Дала. Цундела халкъан мотт ларбар а ма ду хIоранна а тIехь".

Мел хала хеташ делахь а Европехь бехачу вайнахалахь вуно дукха бу шайн берашна ненан мотт цахаар, цуьнца доьзна нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ цадовзар кхин дIоггара эшаме хIума цахетарш.

Бакъду, махках бевлла дуьне ма-дду дIасабаьржинчу вайнахалахь кIезиг бац, мацца а цкъа шайн орамашка юхахьовсар, уьш зер деза а, мехала а хетарш нохчашлахь дебар бу аьлла ойла кхобурш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG