Мьянман эскарх уьдучу бусулба мухIажиршна тховкIело лур ю шаьш аьлла дIахьедина Малайзияс. Пачхалкхан дозанхоша юхадерзор дац тоххар санна тIейогIучу хенахь рохинджаш тIехь болу хIурдакеманаш. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино (ООН-а) мухIажирех конвенцина Малайзис куьйгяздина дацахь а, уьш нелегалан мигранташ белахь а, дуьхьало шаьш йийр яц аьлла оцу пачхьалкхан Iедалша
"Ма-дарра аьлча, тхо декхаре ду царна уггар хьалха оьшург кара а делла, церан кеманаш юхадерзо. Амма гуманитаран бахьанашца тхоьга кхул тIаьхьа латталур яц царна дуьхьало", - аьлла, дIахьедина хIордан дозанхойн урхаллан директора Абу-Бакар Зулькифлис, яздо Al Arabiya агенталло.
Билгалдоккху, Малайзехь хIинцале ву дIатарвелла 100 000 рохинджа-бусулбанаш.