ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ювелиран хIуманаш йохьуш зуда лаьцна аэропортехь


Кеманца Дубайра Минеральные Воды гIала еанчу Нохчийчуьрчу зудчо декларацех чекхъяьхна ца хилла ша йохьу 22 ювелиран хIума а, ши миллион сом мах болу ши сахьт а.

Минеральные Воды гIалин арахьара чуйохьучу хIуманна тIера ял йоккхучу хьукматан пресс-гIоьнчаллаша бина и хаам.

Лаьцначу зудчо даредо, и совгIаташ ша шен гергарчу нахана дохьуш хилла хилар а, церан мах 1300 эзар доллар бен цахилар а.

Ткъа эксперташа хадийна мах 2 миллион сов соьмана бу. Низамашца а догIуш, гIуда догIу зудчунна я йоллу хIуманна конфискаци ян тарло аьлла бу прессано бен хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG