Нохчийчуьрчу тIемашкахь кхелхинчу 8 гIалгIазкхичунна хIоллам хIоттийна Минеральные Воды гIалахь. Шахьаран мэрино елла и информаци зорбане. Мокхазан у тIехь цIерашца билгалбаьхна 1990-чу шерашкахь тIамехь леттарш.
ХIоллам схьабоьллучу барамехь хилира меттигера гIалгIазкхий а, бахархой а. Верриг а гулвелларг вара бIе сов стаг.