ТIекхочийла долу линкаш

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан могIаршкахь тIемаш бинчу Оьрсийчоьнан вахархочун хьокъехь ша бина сацам бовзийтина шинарийдийнахь Иракъан коьртачу шахьаран кхело. Iарбайн «Спутник» анеталло хаамбарехь, ирхъолларца вен кхачийна иза.

ЦIарца ца вовзуьйтучо тIемаш бина ДаIишхоша вовшахтоьхначу Ал-Заркави («Катибат ал-Заркави») батальонехь. Мосул гIала схьайоккхучу тасадаларшкахь Иракъан эскархошна каравахна и Оьрсийчуьра вахархо.

Барт-хаттамехь вен кхайкхийначо мукIарло дина хилла 2015-чу шарахь дуьйна ша Иракъан эскаршна дуьхьал тIом беш хиларх.

XS
SM
MD
LG