ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мьянмерчу 370 эзар рохинджо тховкIело лоьху


Мьянмехь бехачу рохинджашлахь мухIажирийн терахь 370 эзаре хьаладаьлла. МухIажирийн гIуллакхашкашкахула йолчу ООН-ан агенталлан векало динчу дIахьедарна тIе а тевжина, Reuters агенталло бо и хаам. Бангладешерчу дозанехула дехьабуьйлу уьш.ТIаьххьарчу масех дийнахь 100 эзар стаг тIекхетта мухIажиршна.

Мьянман Iедална а, рохинджашна а юкъахь конфликт лаьтта 20-чу бIешерашкара дуьйна схьа. ХIетахь йозуш йоцу пачхьалкх хилира Мьянмех. Оцу махкахь доккха дакъа лаьтта буддистех.

Iедална а, бусулбанашна а юкъара конфликт иръелла йогIу, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь полисхошна а, эскаршна а тIелатарш долийча. Мьянман Iедало тIелатарш дарна бехкебо «Рохинджаш кIелхьарабоху Араканан эскар» (ARSA) цIе йолу тоба.

Бакъонашларъярхоша бехкедо пачхьалкхан Iедал рохинджа-бусулбанашна тIехь гIело латторна а, уьш хIаллакбарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG