ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яндарбиев Зеламха. Зил тIера йозанаш


Яндарбиев Зеламха Зил тIера йозанаш Лелина даш Iена, угIуш хьан сина, Стигал а, латта а доьлху хьан къина, Садууш ,Iожалла хьуна тIехь лаьтта, Лоьхуш шен тIаьххьара катоха аьтто. Диехьа а, сиехьа а, рагI лаьцча санна, Накъостий бу оьгуш. Дерачу дагна: - РогIера хьо вуй-те? - кхерам тIетуьйсуш. Шокъалийн дарц хьийза, хьуна гуо туьйсуш. Ткъа, эккхал, буьзначу хьан деган кийрахь, Сел къиза, гатвелла хьаьвзинчу дийнахь, Дац, базбеш, хестийначу Даймехкан амат, Яц хала кхиийна хьо вина нана. Бац нийса накъостий - бисина генахь, Хьо бен, кхин дан амал доцчу дуьненахь Цхьа дисна хьан сих-цIийх схьадевлла бераш, Хьан хIусам ларъеш Iа нана а берийн. Уьш дерриш дIадевлла, ца хилча санна, Къематан дийно ша Iадийча санна, Къарделла, бIаьрзделла хьийзачу сино Гечдар а ца доьху, летийна къинош... Цхьа лаам бу даг чохь - деккъа цхьа доIа: - Сан Дела, ма велахь накъостел кхоа, Иэгначу, оьгучу кIенташна хьалха ЮьхьIаьржа хир воцуш, нисделахь кхалхар.

XS
SM
MD
LG