ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно рогIера совгIат дина Кадыровна


Кадыров Рамзан а, Патрушев Николай а. Байраков Зубайрин сурт.
Кадыров Рамзан а, Патрушев Николай а. Байраков Зубайрин сурт.

Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретара Патрушев Николайс мидалца совгIат дина Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Инстаграмерчу шен пена тIехь бина и хаам мехкан куьйгалхочо.

"Ас доккхачу хазахетарца тIеийцира Патрушев Николайс дуьненаюкъара кхерамзалла чIагIъеш къахьегарна аьлла сайна дина совгIат", - дIахьедо Кадыровс.

Белхан хьокъехь Патрушев Соьлжа-ГIала веанчу деношкахь дина и совгIат. Официалан дIахьедарца, Нохчийчохь волейболан клуб схьайоьллучу а, Ямала-Ненецан Нохчийчоьнца юкъарлонаш лелоран бертан куьйгъяздечу а барамашкахь дакъалаца веанера Оьрсийчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG